Еарин де, 28.03.2024, 12:09
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Йоккха Атаг1а (Старые Атаги)

[ Керла дешнаш(Новые сообщения) · Декъашхой(Участники) · Низам(Правила форума) · Кара де(Поиск) · RSS ]
  • Страница 1 из 1
  • 1
Форум » Основной Атагинский форум » Нохчалла » Чеченские стихи (На чеченском языке)
Чеченские стихи
isa-muslimДата: Еарин де, 18.11.2010, 10:37 | Сообщение # 1
admin
Группа: Администратор
Сообщений: 453
Репутация: 4
Статус: Арахь
Х1ай, Латта, ахь гечдир дуй,
Хьо эрна хьоьшуш болчарна,
Хьешана д1акъовлуш г1уй,
Г1иллакхаш дицделлачарна?

Х1ай, Латта, ахь гечдирдуй,
- Атта некъ лоьхуш волчуна,
Хьан ц1арах ша биъна дуй,
Эхь доцуш къарбиначунна?

Х1ай, Латта, ахь гечдирдуй,
Ненан мотт бицбиначунна,
Ца вешаш кхоьссина туй,
Кхечуьнга марзвеллачунна?

Автор неизвестен.
Добавил участник под ником
GERZEG

 
MadinaДата: Шинарин де, 12.02.2013, 16:14 | Сообщение # 2
Юртхо
Группа: Декъахой
Сообщений: 2
Репутация: 2
Замечания: 0%
Статус: Арахь
Езачу йо1еХьоьх дуьххьар б1аьрг кхетча,
Йист хуьлу хезча,
Хьан озе ладоьг1уш,
Хьийжира хьоьга.
1аьржачу, эсалчу
Б1аьргаша хазчу,
Дагчу ц1е йиллира,
Хьаьжча хьо соьга.

Безаман цу ц1аро
Ботту сан кийра,
Наб яйна г1уьтту со
Хан йоцчу хенахь,
Амма ца х1утту со
Дагара дийца,
Кхоьру ахь со къиза
Таттарна гена.

Сих-сиха генара
Хьо йолчу вог1ий,
Воьду со сайн дагахь
Хьо хьоьстуш хьоьжий,
Ткъа, хьуна-м ца хаьа,
Сан кийра богий.
Дарбанна хьоьгара
Хьан безам оьший

Хьан деган къайленаш,
Ойланаш еша-м.
Ца хаьа хьан хазчу
Б1аьргаш чу хьежарх.
Буй техьа хьан дагчохь
Кхечуьнга безам?
Юй-те хьо х1инццалца
Къастоза везар?-------------------------
Абузар Айдамиров


все отлично
 
MadinaДата: Шинарин де, 12.02.2013, 16:18 | Сообщение # 3
Юртхо
Группа: Декъахой
Сообщений: 2
Репутация: 2
Замечания: 0%
Статус: Арахь
нана, 
мичара даьлла те, 
хьо доккха совг1ат. 
хьа аьлла хилла те, 
хьоьх хьоме нана. 
ма хаза ц1е юкха, 
цо хьуна тиллинарг. 
ма онда хьекъал, 
хиллакха цунна. 
ма ч1ог1а дош ала, 
хууш а хилла и. 
ма хьомсар хиллакха , 
цунна ше нана, 
ма хьомсар юкха хьо, 
массарна нана! 
нана, 
хьун билгал хаалахь, 
хьо езий тхуна, 
хьоьх лаьцна ойла, 
тха цхьаъ бен йоций, 
хьо йоцуш дуьне дац, 
хьо йоцуш дахар дац, 
бохуш тхо 1аш дуйла, 
хьун билгал хаалахь! 
тхоьг латта хьоьшийтарг, 
хьоьг болу безам буйл. 
тхоьг дуьне дуитург, 
хьоьг йолу марзо йуйл. 
тхан хьомсара нана, 
хьун билгал хаалахь!!!


все отлично
 
Форум » Основной Атагинский форум » Нохчалла » Чеченские стихи (На чеченском языке)
  • Страница 1 из 1
  • 1
Поиск:

Сегодня нас посетили:

Воьвз-везачуьнга (Посоветовать другу ссылку)