Нохчийн шо декъадаларан хьисаб. - История села - Истори - Зорба (публикации) - Неофициальный сайт села Старые Атаги
Оршотан де, 21.05.2012, 03:56
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Ков (вход)
Логинц1е:
Тешаман дош:
Атаг1а а, атаг1ой а (Атаги и атагинцы)
Сайтан хан (Сайт существует)

Истори »
» История села

[ Т1едаккха (добавить) ]

Нохчийн шо декъадаларан хьисаб.

Вайн нохчийн шо дакъошка декъалуш ду:

  1. 23-чу сентябрехь гуьйре юлу.
  2. 23-чу декабрехь 1а дулу.
  3. 17-чу январехь чилла юлу (1аьнан уггаре а шийла хан). Чиллан 40 де-буьйса ду.
  4. 25-чу февралехь чилла д1айолу.
  5. 11-чу мартехь «Бардал-1ажуз» юлу. Бардал-1ажуз бох1ург – къена шийло бохург ду. Цуьнан 9 де ду, цу иссанах кхоъ – б1аьстенан ду, кхоъ – аьхкенан ду, кхоъ гуьйренан ду. Хьалхара кхо де йочуне хилча, б1аьсте йочуне хир ю. Шозлаг1а кхо де йочуне хилча, аьхке йочуне хир ю. Кхозлаг1а кхо де йочуне хилахь, гуьйре йочуне хира ю.

Иза хьалхалерачу баккхийчийн хьисаб ду.

  1. 23-чу мартехь, 1ай-б1аьсте къаьста, б1аьсте юлу (жайнин хьисабехь ду иза).
  2. 23-чу июнехь аьхке юлу. Аьхкенан юьккъера бут – аьхкенан чилла лору.

Иштта хийцалуш хьисабаш ду вайнехан шаранчохь.

Кхуьнан бух: Йоккхача Атагара вашатройн Якубовхера (оцу Якъуба бераш) Юсуп, Мохьмад, Шахид бохуш даьшна нах хилла. Шайн дас царна дитина куьйга яздина тептарш дара боху, шайна т1ехь шари1ато а, вайн 1адаташа беш болу бехкамаш а, лелон деза х1уманаш а долуш. 1арбойн йзонца яздина, Шахидигара сан вашас Мусас схьаяздина кехат дара, цут1ера аса схьаяздина.

Схьаяздина Балаев 1ийсас 1996-г1а шарахь, 26-чу мартехь.

Къастар: История села | Д1аяздина: isa-muslim (14.03.2011)
Хьоьвсина 346-за | Тегаш: дешан нах, Шахид Якубов, Времена года по Чеченскому календар, тептарш, хьисаб | Тидам бар: 5.0/1



Массо а т1еаларш 0 ду
Имя *:
Email:
Код *:
Караде (поиск по сайту)
Почта @st-atagi.ru
Чат
 
500
Х1инцца кхузахь бу (Сейчас на сайте)
Массо а: 1
Хьеший: 1
Юьртахой: 0
Хенан х1оттам (Погода в Атагах)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)