Из Брестской Крепости (1941 г.) - Стихаш - Атаг1оша яздо (труды атагинцев) - Зорба (публикации) - Неофициальный сайт села Старые Атаги
Оршотан де, 21.05.2012, 04:05
Марша вог1ийла (йог1ийла) Гость | RSS

Ков (вход)
Логинц1е:
Тешаман дош:
Атаг1а а, атаг1ой а (Атаги и атагинцы)
Сайтан хан (Сайт существует)

Атаг1оша яздо (труды атагинцев) »
» Стихаш

[ Т1едаккха (добавить) ]

Из Брестской Крепости (1941 г.)
Ас-Саламу 1алейкум сан мерза вежарий! 
Маршалла ду шуьга доккхочу кху дийнахь.
Вай вовшийн дезарх, къастаза ца доьвли,
Цу Делан рицкъано тхо махках ма дехи,
Ва марша 1ойла шу, сан мерза вежарий.
1уьйренца схьакхета нур, дашо можа малх,
Мел хаза кхета хьо, дог дикачу наханна.
Тхуна ма кхета хьо, кийра ша ва буьлуш,
Ва марша 1ойла шу, сан мерза вежарий.
Г1оттучу малхаца т1ом болабелча,
Кху т1еман ч1ог1ала язъяла йоьлча,
Дагатосу, вежарий, и Нана Нохчийчоь,
Тхо Деле дехалаш, х1ай мерза вежарий.
Г1азотанна юкъ йоьхкуш, тхан г1овтар ду шуна,
Нохчийчоьнан ва ц1арах тхан латар ду шуна.
Къуранца, Есица садалар ду шуна,
Ва марша 1ойла шу, сан мерза вежарий.
Юьртара 1уьйренаш хазлучу ва хенахь,
Бецаца латтанаш хазлучу ва хенахь,
Тхо Деле дехалаш, х1ай мерза вежарий.
Астаг1а Тимаркъа эшийначу ва лоьмех,
Николай паччахьах леттачу ва к1ентех,
Схьадоьвлла к1езий ду, вежари, вай, бохуш,
Тхо леташ ду шуна, х1ай мерза вежарий.
Ден, ненан сий дина к1ентий тхо хилча,
Йижарийн, вежарийн сий дина тхо хилча,
И Нана-Нохчичоь Лерина хилча,
Тхуна ахь гечделахь, х1ай везан Дела!
Йоккхачу Атаг1ахь пхьоьханахь гуллучохь,
Чуртан т1улг бог1ий, гуо белаш, вежарий,
Турпалхойн байракхаш айалаш тхуна,
До1ица «гечдойла» алалаш, вежарий.  

Кантаев Мохьмад (1941)

Къастар: Стихаш | Д1аяздина: isa-muslim (10.03.2010)
Хьоьвсина 270-за | Тегаш: Бресткая крепость, последние строки, Кантаев Магомед | Тидам бар: 0.0/0



Массо а т1еаларш 2 ду
0  
1 Anjela   (27.03.2010 23:30)
Amin

0  
2 Шамиль   (30.01.2011 10:57)
Амин.ма хаз дешнаш ду

Имя *:
Email:
Код *:
Караде (поиск по сайту)
Почта @st-atagi.ru
Чат
 
500
Х1инцца кхузахь бу (Сейчас на сайте)
Массо а: 2
Хьеший: 2
Юьртахой: 0
Хенан х1оттам (Погода в Атагах)
Вайга хьоьжу дуьне (География посетителей)
Вевза-везачуьнга (Посоветовать ссылку)